Этнографический диктант

28.02.2019

Нохчийн Республикан дешаран а, 1илманан а Министерствон омрана т1едоьг1на, 28 февралехь Шеларчу лоьмар 1 йолчу юккъерчу школехь д1адаьхьира нохчийн яздархочун 1.Мамакаевн кхолларалина лерина йолу "Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана" ц1е йолу Региональни этнографически диктант язъяр. Диктантехь дакъа лаьцначу дешархойн а, хьехархойн а, цхьадолчу берийн дайн-нанойн а аьтто хилира Мамакаевн произведенеш ойланехь карлаяха а, поэтан дахарера цхьацца аг1онаш йовза а, нохчийн культурех, этнографех, литературех долу хаарш карладаха а. Дала т1аьхе беркате йойла цу пайдечу г1уллакхан!